Нохчийн меттан Денна лерина къовсадаларш-викторина
18.04.2018Тахана Соьлжа-Г1аларчу #106 йолчу школехь 6-чу классашна юккъехь Нохчийн меттан Денна лерина къовсадаларш-викторина хилира. Церан хьехархочо Бергоева Азас кечам беш болх бинера цаьрца. Хаза кечдина пенагазеташ дара, дика хаарш гайтира кхаа классо. Хьалхара меттиг яьккхира 6в классо.