Хьехархойн цхьаьнакхетар.

01.10.2015

                       Хьехархойн цхьаьнакхетар                          Хьалхарчу октябрехь Грозный-г1аларчу №106 йолчу юкъараллин юккъерчу ишколехь хилира нохчийн меттан хьехархойн рог1ера цхаьнакхетар. Гуьмсера а, Грозный-г1алара  а тайп-тайпанчу ишколашкара баьхкинера нохчийн меттан хьехархой. Еънера хьехархо-методист Чемирзаева  Яха а. Дийцаре дира нохчийн мотт хьехарца доьзна г1уллакхаш: х1ун халонаш 1иттаелла дешаран шо долалуш, х1ун нисло, х1ун ца нисло. Рог1ерчу цхьаьанакхетаран тема яра: «Ненан матте кхин а ч1ог1а безам а, шовкъ а хилийта х1ун дан деза?!» Массара а шен-шен хьехаран некъаш бийцира, керлачу технологица ша урок муха ло дийцира. Грозный-г1аларчу № 54 йолчу  юкъараллин юккъерчу ишколан нохчийн меттан хьехархочо Хаджимуратова Рукъията элира ша и бер хьаьстина, йоьхье даьккхича, и бер  кхин а дика хила г1ерташ жигара хьийза аьлла. «Цкъа а мукъа вита мегар вац дешархо, гуттар а лехаме белхаш байта беза цуьнга,»- элира №48 йолчу ишколера еанчу Кавраева Зояс. Чемирзаева Яхас дийцира шен балха т1ехь зеделлачух лаьцна а, х1инца таханлерчу дийнахь долчу хьехаран хьесапах лаьцна а. Кхин а цо элира Грозный-г1алачу ДО метод-кабинето д1ахьур йолчу семинарах лаьцна, цига кхайкхина 1илманчаш хиларх  лаьцна. Вовшашкара дуккха а пайда оьцуш д1адаьхьира цхьаьнакхетар.